БараӀат йеза буьйса тӀекхачарна зуькарш а до, мовладаш а доьшу

БараӀат йеза буьйса тӀекхачарна республикерчу мел йолчу кӀошташкахь деш зуькарш а, доьшуш мовладаш а ду.

Цигахь дакъалоцу Ӏеламнаха, цӀейахханчу къаноша, меттигашкарчу бахархоша.

Оцу беркатечу балхана йуьстаха ца дисира Соьлжа-ГӀалара «Нохчийчоьнан дог» маьждиг а — цигахь, зуькар дарал а, мовлад дешарал а сов, Украинехь дӀахьочу тӀеман лерринчу операцехь дакъалоцуш болу нохчийн бӀаьхой Деле а боьхуш, доӀа дира.

Цул сов, тховса марха лацар а, кхана иза кхабар а деза хилар а хаийтира Ӏеламнаха.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: