Куьйгаллехь Нохчийчоьнан промышленностан а, энергетикин а министр А.Хакимов а волуш, Нохчийчуьра бизнес-делегаци «Группа ГАЗ»-н Нижний Новгородехь йолчу майданашкахь хилла.

Уьш кхаьчначу Горьковн автомобилийн заводан хьокъехь аьлча, микроавтобусаш а, леррина техника а, бахархойн хьашташна машенаш а йаран декъехь цигахь къахьоьгуш хилар билгалдаккха догӀу.
Заводан векалийн а, нохчийн хьешийн а барт хилла цхьаьнагӀуллакхдар таллар а, цунна оьшуш долу «белхан карта» хӀоттор а.
Нохчийн делегацин тидамехь бара республикерчу предприятешкахь машенашна оьшу гӀирсаш кечбаран а, шаьш машенаш вовшахтасаран а, «Группа ГАЗ»-н буха тӀехь леррина техника йаран а болх.
Цул сов, нохчийн «Вайн-ЛИА» завод а йара «Группа ГАЗ»-ца гергарло дезаш — аьлча а, ша арахоьцуш йолу батарейш цуьнан электромобилашна тӀехь ган лууш.
Хакимов Адама а, «Группа ГАЗ»-н президента Сорокин Вадима а хаийтира шаьш вовшашца гергарло а, цхьаьнагӀуллакхдар а дезаш а, оцу Ӏалашоне кхачарехь къахьоьгуш а хилар.