«UAE SWAT Challenge 2022»-хь дуьненан 3 рекорд хӀоттийна нохчийн бӀаьхоша

Ӏаьрбийн Цхьаьнатоьхначу Эмираташкахь дӀайаьхьначу «UAE SWAT Challenge 2022»-хь дашо 3 мидал а йаьккхина, иштта, дуьненан 3 рекорд а хӀоттийна А-Хь.Кадыровн цӀарахчу лерринчу Ӏалашонийн полицин полко.

Оцу къийсадаларшкахь дакъалоцуш 24 пачхьалкхера 41 тоба йара.

Нохчийчоьнан цӀарах, лакхахь ма-хаийттара, Россин Турпалхочун А-Хь.Кадыровн цӀарахлера полк йара. Россера а цхьаъ бен йацара иза цигахь.

Telegram чохь оцу хьокъехь хаам бинчу Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана билгалдаьккхина нохчийн бӀаьхоша гайтинарг тӀехдика жамӀ хилар.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: