«Robo-show-2022» чемпионатан толамхой билгалбаьхна Соьлжа-ГӀалахь

Йукъарчу а, кхитӀе долчу а дешаран «Квант» комплексехь дӀайаьхьна Къилбаседа-Кавказан ФО-н робототехникехула йолу «Robo-show-2022» чемпионат.

Соьлжа-ГӀаларчу берийн «Кванториум» технопарко иза дӀайахьар ламасте дирзина ду.

Цигахь дакъалецира округан тайп-тайпанчу субъекташкарчу 100 сов дешархочо, шайн белхаш 5 декъехь а гойтуш: 1) Робо-Фишки; 2) Робо-Путешественник; 3) Чертежник; 4) VEXTOWERS’BATTLE; 5) Creative Robotics.

Чемпионатан толамхой жюрис къастийра, дипломашца а, кубкашца а уьш билгалбахар дӀа а хьош.

Билгалдоккху цигахь Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министр Дааев Хож-Бауди а хилла хилар.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: