Украинерчу операцехь дакъалоцуш болу нохчийн бӀаьхой боьхуш тахӀаджуд-ламаз дийр ду тховса

Украинехь дӀахьочу операцехь дакъалоцуш болу вайн вежарий кхерамехь бу хӀора а дийнахь — вайн дуьхьа а, дин лело вайн маршо а, вайн Ӏадаташ а, ламасташ а лардарехь а кхахьоьгуш бу уьш.

Цундела, царна а, вайна массарна а толам а боьхуш, Веза-Воккхачу Деле доӀанаш дар вайн декхар ду… Нохчийн бӀаьхой цӀаберзаре сатуьйсучу доьзалийн а, гергарчийн а дуьхьа, уьш могаш-маьрша цӀаберзор а доьхуш, доӀанаш дийр ду вай.

Соьлжа-ГӀалин мэрин ишколал хьалхарчу дешаран департаменто тахӀаджуд-ламазе кхойкху саготта мел болчу вежаршка а, йижаршка а. Иза тховса (хан: 1:30) дийр ду «Нохчийчоьнан дог» маьждига чохь.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: