Луларчу Украинехь дӀахьочу тӀеман лерринчу операцехь дакъалоцуш болчу нохчийн бӀаьхошна 50 тонна сурсаташ дахьийтина Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Йукъараллин фондо.
Оцу хьокъехь хаам бинчу Ростовн областехь йолчу НР-н Куьйгалхочун векалаллин куьйгалхочо Гончаев Руслана хаийтина сурсаташ бӀаьхойн лаамашка хьаьжжина вовшахтоьхна хилар.
«И сурсаташ вовшахтохарехь хӀора а бӀаьхочун лаам кхочушбина ала мегар ду», — билгалдаьккхина цо.
Цул сов, и гӀуллакх Нохчийчоьнан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен тергонехь латтош хилар а тӀетоьхна Гончаев Руслана.