ГаланчӀожан кӀошта ток йигаран болх, хенан хӀоттаме хьаьжна а доцуш, жигара дӀахьош бу «Чеченэнерго»-н говзанчаша.
9 техника а, 50 белхало а ву цигахь къахьоьгуш.
Даханчу шеран чаккхенехь дуьйна дӀаболийна бу и болх. Карарчу хенахь дӀахӀоттийнарг 1,4 эзар бӀогӀам бу, кхин а хӀотто безаш 2,4 эзар бӀогӀам а, трансформаторан 8 подстанци а йу.
ДӀасалеларна алссам хан йолуш хиларца а догӀуш, меттахӀотточу оццу кӀоштахь буьйсанаш йоху белхалоша.
Белхаш дӀабахьарна финансашца гӀо-накъосталла деш Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахлера Йукъараллин фонд йу.