Конституцин денна лерина цхьаьнакхетар

Нохчийчоьнан къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствехь дIадаьхьира республикин Конституци тIеэцна 19 шо кхачарна лерина даздарш.

Цигахь дакъалоцуш хиллачу оцу ведомствон куьйгалхочо Дудаев Ахьмада дийцира Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин дIадолорца 2003-чу шеран бекарг (март) беттан 23-чу дийнахь дIайаьхьначу дерригхалкъан референдумо вайн къоман кхане а, кхоллам а къасторехь лелийначу маьIнех лаьцна.

Оцу дийнахь тIеэцнарг Кадыров Ахьмад-Хьаьжас хIоттийна хилла Конституци йара… Цо ондда бух биллира нохчийн маьрша пачхьалкх кхолларна, маьрша дахар дIахIотторна.

Беккъа цхьаъ бен боцу нийса некъ бара иза. Оцу некъа тIе хIиттар бахьанехь тахана маьрша, зовкхе дехаш ду халкъ. Кадыров Ахьмад-Хьаьжах даьлла беркат ду иза.

Цунах лаьцна а, ткъа иштта, тахана Украинехь Россис дIахьош йолчу тIеман лерринчу операцехь вайн бIаьхоша дакъалацар Нохчийчоьнан маршо, халкъан гIиллакх, оьздангалла, дин лардар хиларх а дийцира А.Дудаевс.

Цул тIаьхьа дIадаьхьира тоьллачу белхахошна Баркаллин кехаташца совгIаташ дар — 28-нна кхечира уьш. Царна йукъахь бара министерствон аппаратан, телерадиокомпанийн, газетийн, журналийн, кхечу изданийн белхахой.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: