А-Хь.Кадыровн цӀарахчу Йукъараллин фондо Донбассерчу а, Украинерчу а маьршачу бахархошна гӀо-накъосталла дар денна а сацийна дац.
РогӀера гӀо-орца Мелитополерчу салташна а, бахархошна а кхаьчна.
Оцу хьокъехь хаам бинчу Нохчийчоьнан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана билгалдаьккхина гӀо-накъосталла «Патриот» 3 УАЗ-х а, 20 тонна сурсатех а лаьтташ хилар.
Сурсаташ уггаре а оьшучух лаьтташ ду, шайн могӀарехь хох а, картол а, жӀонка а, копаста а йолуш.