Кегийчу къаьмнийн культурин туьшашна гӀо дина

Вайн махкарчу кегийчу къаьмнийн культурин туьшашна а, автономешна а рогӀера а, доккха а гӀо-накъосталла дина Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Йукъараллин фондо.

Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министерствос вовшахтоьхна и беркате гӀуллакх селхана Парламентехь дӀадаьхьна.

Билггал аьлча, лакхахь хьахийначу культурин туьшашна а, автономешна а шайн къаьмнийн барзакъаш а, музыкин гӀирсаш а кхаьчна.

Цул сов, оргтехникица а, офисашна леринчу йийбаршца а кхачо йина царна Фондо.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: