Москвахь дӀайирзина къаьмнийн духаршна а, похӀмашна а лерина дуьненайукъара «Сан Даймохк» V-гӀа фестиваль.
Цуьнан Гран-при, жюрин сацамца а догӀуш, нохчийн зударийн гӀабалис йаьккхина.
Иза [гӀабали] йовзийтира Соьлжа-ГӀалин мэрин Культурин департаментан илланчас Меджидова Камилас.
Билгалдоккху фестивалехь дакъалоцуш Россин регионашкара а, луларчу мехкашкара а 115 тоба хилла хилар.
Дакъалацархоша, шайн къаьмнийн духарш гайтина ца Ӏаш, уьш тӀехь а долуш, шаьш кечбина гайтамаш а гойту.