2004-чу шарахь тӀеэцна йолу Нохчийн Республикин пачхьалкхан билгалонех цхьаъ йолу байракх 6:1:4 барамехь анасизан кхаа басца билгалйаьккхина йу: баьццара (6), кӀайн (1), цӀен (4).
Байракхан шоралла а, йохалла а 2:3 барамца билгалйаьккхина йу.
Иштта, байракхан 1/8 барам а лоцуш, ирхдирзина кӀайн сиз а ду цунна тӀехь — аьрру йистехь. Цу тӀехь, дашочу басахь а йолуш, деа дакъалгах лаьтташ йолу нохчийн къоман орнамент йу.
Ша байракх а, цунах пайдаэцаран лехамаш а бовзийтаран декъехь Ӏуналла деш «Нохчийн Республикин пачхьалкхан байракхан хьокъехь» закон делахь а, оцу законан лехамаш кхочушбарна тӀехь Ӏуналла деш Нохчийн Республикин геральдикин комисси йу.