Цунна гонаха хуьлуш дерг башха ган а ца го, гахь а кхин лерина тидаме а ца оьцу, хIунда аьлча цуьнан коьртехь шен лазархой, церан цамгарш, царна сагатдар хуьлу.
Царех ву Авхадов Тимур – УЗИ-н лор.
Вуьззина лор ву ала мегар ду иза. Дийнахь а, буьйсанна а шега далучу агIор гIо до цо нахана. Дукха нах хуьлу цуьнга сатуьйсуш. Адамашка лерина хьожу бохуш цIеяхана ву иза.
I980-чу шеран 22-чу майехь Хьалха-МартантIехь вина а, цигахь кхиъна а ву Тимур. 1996-чу шарахь лоьрийн дешар карадерзо кехаташ чуло Тимура. Цу шарахь чекх ца волий, нохчийн пачхьалкхан университете биолого-химически факультете деша воьду, цигахь шарахь доьшу. 1998-чу шарахь, кхин цкъа а кехаташ нохчийн пачхьалкхан университетан медицинин факултете чуло, цу шарахь чекхволий, деша волало Тимур. Амма шарахь дешначул тIаьхьа, тIом болалой, юкъахдолу цуьнан дешар.
– 2000-чу шарахь Хьалха-МартантIерчу больнице хирургин отделени практике вахара со. Минанашна тIехь лилхина, геригаш еттаелла бераш, баккхийнаш, зударий балабора больнице. ТIамо цхьа кхоа ца вора. Цу хенахь кхоччуш кхийтира со нахана накъосталла-лоьралла оьший, тIом дIабаьлча, гуттара а чIогIа лор оьшийла а. Айса хаьржинарг нийса некъ хийтира суна, – бохура Т.Авхадовс.
Шен хан эрна ца йохийтуш, лоьрийн Iилма дика Iамо гIерташ, къахьегна цо. Цуьнца цхьаьна дешначу Мачигов Джамбулата дуьйцу: «2004-чу шарахь, оцу хенахь Нохчийн Республикин могашалла Iалашъяран министран Ахмадов Мусан заместитель хилла волчу Бартиев Рукъманна (хIинца Гуьмсан ЦРБ-н коьрта лор) тIе вахара сой, Тимуррий, тхаьшинна республикел арахьа деша ваха гIо-накъосталла дахьара, аьлла. Цо Саратовски тIеман-медицинин институте деша ваха меттигаш ехира тхойшинна. Цу хенахь, цига деша веана дуьххьара нохчи хиллера тхойшиъ. ТIаьххьарлера ши курс, интернатура цигахь чекхъяьккхина цIа а вирзира».
2006-чу шарахь Шеларчу тIеман декъехь, медицинин ротин хирург болх бина Тимура.
2009-чу шарахь, «Сиха гIо машен» тIехь болх бина. Цу шарахь УЗИ-н говзалла караерзон вахана Кубанерчу Пачхьалкхан Медицинин университете. Цигахь дешна ваьлча Соьлжа-ГIалин тIеман ветеранийн госпитале балха вахана, таханлерчу дийне кхаччалц цигахь болх беш ву.
2011-чу шарахь аспирантуре вахана, хIинца шен кандидатски диссертаци тIехь болх беш ву.
– Вайн Республикехь дуккха а дика лоьраш бу. Шайн дахар бахархойн могашалла меттахIотторнадIалуш схьабогIу уьш. ХIора дийнахь аьлча санна нах Iожаллехь хьалха боху цара. Коллективана дика накъост хилла дIахIоьттина тIеман ветеранийн госпиталан корьрта лор Дудаев Рамзан и санна болчу лоьрашна диллича, ас деш дерг доккха хIума дац.
Вайх хIорамма а шен болх даггара безаш, беш хилча, вайн дахар кхин а дика хир ду. Дала мукъ лахь, вайн къам могаш а, маьрша а, шен кхане ирсе йолуш а дехар ду, – элира Т.Авхадовс.
АВХАДОВА Хьава
№ 68, шот, 20 июнь, 2015 шо