Россин Президентан Указаца а догӀуш, МЧС-н Нохчийн Республикехула йолчу Коьртачу урхаллин хьаькаман дарже Цакаев Ӏалихан хӀоттийна.
Цул сов, «чоьхьарчу гӀуллакхаллин инарла-майор» цӀе а йелла цунна.
Telegram чуьрчу шен каналехь оцу хьокъехь хаам бина Нохчийчоьнан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана.