Нохчийн Республикин Прокуратуро таллам баро гучудаьккхина «Чечавтотранс» предприятис карарчу шеран кхолламан (январь) беттан алапа белхалошна дӀаделла цахилар.
Билггал аьлча, дӀа ца делла алапа 2,5 млн ₽ сов ду, ткъа алапа цакхаьчнарг — 162 белхало.
И кхачамбацар дӀадаккхар тӀедожийнера предприятин директорна.
Цул тӀаьхьа, Прокуратурин векалша билгал ма-даккхара, белхалошна хӀетахь догӀуш хилла алапа дӀакхачийна цо.
Делахь а, административни жоьпаллах хьалхавалар ца нисделла цуьнан — РФ-н КоАП-н 5.27 ст. 6-чу д. а, 13.19 ст. 1-чу д. жоьпе озийна иза.