Арара чукхоьхьуш долу цхьамогӀа йоьхьаш вайна даа мегар доцуш карийна

Арара чу а кхоьхьуш, Нохчийчохь духкуш долчу жижиган йоьхьашна экспертизаш йахийтина Роспотребнадзоран Урхалло а, Правительствон ветеринарин урхалло а.


Оцу белхан жамӀаша гайтина республикехь духкучу 32 тайпанчу йоьхьашкахь хьакхин хьесан ДНК-ш хилар:

• Кхехкийна йоьхьаш (колбаса) «Мусульманская», «Султан-Премиум», «Телячья», «Султан», иштта, «Султан» йоьхьаш (сосиски) / динарг: «Лыткаринский НПЗ», Москван область;

• Ах кӀурзбина долу «Говяжья зернистая» кхехкийна йоьхь / динарг: совдегар Д.В.Баев, Аштаркхане;

• Ах кӀурзбина долу «Кавказская особая» а, «Идель» а кхехкийна йоьхьаш / динарг: «Царицыно», Москва (тӀехь «Халяль» билгало йу);

• Бежанан жижиган «Микояновские» йоьхь, бежанан кхехкхийначу жижиган «Экстра» йоьхь / динарг: «Микояновский мясокомбинат», Москва;

• Ах кӀурзбина долу «Ярижевская» йоьхь / динарг: Малхабек, ГӀалгӀайчоь;

• Ах кӀурзбина долу «Чеченская» йоьхь / динарг: Нальчик, ГӀебартойн-Балкхаройчоь;

• Ах кӀурзбина долу «Мусульманская», «Сочинская», «Кавказский сервелат» йоьхьаш / динарг: «Сочинский мясокомбинат», Сочи, Краснодаран мохк;

• Ах кӀурзбина долу «Мусульманская», «По-Мински», кхехкийна «Кавказский» йоьхь / динарг: совдегар В.Н.Богачев, Буру-ГӀала, Къилбаседа ХӀирийчоь;

• «Говяжий сервелат» / динарг: «ДА» йукъаралла, Буру-ГӀала, Къилбаседа ХӀирийчоь;

• Ах кӀурзбина долу «Шашлычные», «Каспийская», «Чесночная» йоьхьаш / динарг: совдегар А.К.Татаркулов, Кисловодск, Ставрополан мохк.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: