Бусалба дин лелочу Россин 30 млн вахархочун цӀарах баркалла аьлла Кадыров Рамзана исламан а, бусалбанийн а пачхьалкхашна.

Цо билгалдаккхарехь, дуьне ма-дду даьржинчу зуламца къийсам латточу Россина дуьхьал санкцеш кхайкхоран болх тӀе ца лаьцна бусалбанаш алссам бехачу цхьана а пачхьалкхо.
Уьш билгалйаьхна Кадыров Рамзана: СаӀудийн Ӏарави, Хонкара, Ӏаьрбийн Цхьаьнатоьхна Эмираташ, Пакистан, Палестина, Иракъ, Шема, ГӀажарийчоь, Ливи, Индонези, Урдун, Мисар, Катар, Азербайджан, Алжир, ОвгӀан, Бангладеш, Бахрейн, Босни, Бруней, Буркина-Фасо, Гамби, Гвиней, Гвиней-Бисау, Джибути, Малхбузе Сахара, Йемен, Казахстан, Катар, ГӀиргӀизийчоь, Къилбаседа Кипр, Комораш, Кот-д’Ивуар, Кувейт, Ливан, Мавритани, Малайзи, Мали, Мальдиваш, Марокко, Нигер, Нигери, Оман, Сенегал, Сьерра-Леоне, Сомали, Судан, Таджикистан, Тунис, Туркмени, Узбекистан, Чад, кхийерш.
Бусалбанаша гуттар а бакъдерг а, нийсо а хоржуш хилар оцу хиламо йуха а гайтина хиларна тӀе тидам а бахийтина Нохчийчоьнан Куьйгалхочо.
Россин хьокъехь дуьйцуш, цо билгалдина хӀокху федерацехь миллионашкахь болчу бусалбанийн бакъонаш лоруш а, Ӏалашйеш а хилар.
Иштта, дин а, динца доьзна йозанаш а, пайхамараш а сийсазбар Россин законашца дихкина хиларна тӀе а тидам бахийтина Кадыров Рамзана.