Кадыров Рамзана тӀелаьцна ГӀалмакхойчоьнан куьйгалхо Хасиков Бату.
Соьлжа-ГӀалахь хиллачу цхьаьнакхетарехь шина куьйгалхочун барт хилла республикашна йукъара зӀенаш чӀагӀйаран декъехь къахьегар жигардаккха.
КхидӀа хьаша Гуьмсехь йолчу Россин спецназан университетехь а, Соьлжа-ГӀалахь дӀайаьхьначу Россин кикбоксингехула йолчу чемпионатехь (К1 дакъа) а хилла.
Цул тӀаьхьа цо билгалдаьккхина Нохчийчоь, шен куьйгаллехь Кадыров Рамзан а волуш, Россин уггаре а кхиамечу субъектех цхьаъ хилар.
И дешнаш далийна «РИА Калмыкия» хаамийн агентствос.