«Казбек» технопарко шен болх хIокху шарахь дIаболор бу

Инновацин «Казбек» гIишлошйаран парко хIокху шарахь шен болх дIаболор бу. Оцу хьокъехь журналисташка хаам бина Нохчийн Республикин экономика, мохк кхиоран а, махлелоран а министра Шаптукаев Рустама.

«Казбек» технопаркан предприятеш болх бан йолайалийтарца хIокху шарахь промышленни производствон боларш сихдан дагахь ду тхо. ГIишлошйаран коьчалш арахецаран йиъ цех (лини) йу болх бан йуьйлайалийта леринчу предприятешна йукъахь. Цул сов, цементйаккхаран заводан инвестицийн проект кхиоран керла мур чекхбаккха а хьовсур ду тхо», – элира министра.

Цо дийцарехь, иштта заводана гIо дийр ду вайн мехкан дерриге а дакъошка дIасахьош йолу медицинин коьчалш арахецарехь а.

«Импортан метта арахоьцу йолчу медицинин коьчалийн а, гIирсийн а инвестицийн проект йу иза. Тахана тхо, тхайн ницкъ ма-кхоччу, предприяти кхиаран керлачу тIегIане хьалайаккха гIерташ ду», – бохура Шаптукаев Рустама.

Министра билгалдаьккхина ма-хиллара цхьана шарахь заводо арахоьцур йу 74,1 эзар тонна гIишлошйаран йекъа эйина коьчалш, 32,4 эзар тонна гIишлошйаран кира, 294,4 м3 гIишлошйаран блокаш, арматура йукъахь йолу экъанаш, ткъа иштта, 2804 эзар м2 фиброцементан коьчалш. Цаьрга доккха хьашт ду Нохчийчохь санна, луларчу регионашкахь а.

Хь.САИДОВ
№23, бекарг (март) беттан 26-гӀа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: