Вайн пачхьенан школаша гIолоцу Донбассерчу берийн

Донбассерчу берийн гIолацарехь дIахьочу акцехь дакъалецира Соьлжа-ГIалин йуккъерчу дешаран 60 учрежденис.

ГIо даран хIуманаш гулйарал сов, хIоьттинчу тIеман хьолаца доьзна цIера довла дезначу ДНР-н а, ЛНР-н а берашка а, церан дай-наношка а дешархоша йаздина догъэцаран кехаташ.

Гуманитарин гIо вовшахтохаран болх дIахьош бу Россин дешархойн меттигерчу боламо ГIирма Россих схьакхетарна леринчу Йерригроссин «ZаДобро» акцин гурашкахь.

Цара вовшахтоьхнарш Iер-дахарна коьрта хьашто йолу сурсаташ дара: молу хи, тIейуху бедарш, кхачанан сурсаташ, берийн хIуманаш, цIанолатторан хIуманаш.

«ЦIера девллачу берашна, цул сов, гулйина книжкаш, ловзоргаш, канцтовараш, стоьла тIехь долу ловзарш, кхийерг. Цул сов, дешархоша 100 сов гIоьналлин кехат йаздина Донбассерчу берашка а, тIеман операцехь дакъалоцучу бIаьхошка а. ДIайахьа кечйина хIора а йаьшка леррина дIакъевлина хилар а, цу чуьра хIора кехат а шатайпанчу йовхонца йаздина хилар а», – билгалдаьккхира Соьлжа-ГIалин мэрин дешаран департаментан куьйгалхочо Ахматов Зелимхас.

Герггарчу хенахь гулдина сурсаташ а, коьртачу хьаштийн товараш а дIахьур ду мухIажарш тIеоьцучу регионашка.

Деккъа дIадаханчу кIиранах гулйан аьтто баьлла гуманитарин гIоьнан 150 гергга йаьшка.

МАДАЕВ Анзор
№23, бекарг (март) беттан 26-гӀа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: