Сийлахьчу Толамна юкъахь — Нохч-ГIалгIайчоьнан хазна

салти

ХIокху шарахь вайн  махкахь а, ткъа  иштта  дерриге дуьненахь а даздира  фашистийн Германина тIехь толам  баьккхина 70 шо кхачар. ТIеман I4I8 дйинахь хIора а вайна  вайн бIаьхойн  сийлаллин а, доьналлин а, турпалаллин а де хилла ца Iаш, лазаман а, бохаман а де ду. ХIунда  аьлча оцу  хIора  а дийнахь, ур-аттал Сийлахь-боккхачу Толаман  дийнахь а турпалаллийца эгна вайн  салтий, эпсарш. Уьш миччахь эгнехь а Даймехкан дуьхьа, иза ларбеш  эгна. Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман  шерашкахь  Советийн Союзан дерриге а халкъаш дIахIиттира  мехкан бозуш цахилар лардан.  Фашистийн агрессорш хIаллакбарна юкъа  дикка хазна йиллина  нохчийн халкъо а.

Хууш ма-хиллара, 1942-1943-чуй шерашкахь Кавказ луьрачу тIемийн хьаьрма хилла  дIахIоьттира. Цо боккха Iаткъам  бира тIом вайн мехкан толамца  берзийтарна. Советийн а, кхузаманан историкийн белхахошкахь йоккха  меттиг дIакъастийна Кавказехь хиллачу тIамех лаьцна дийцарна. Советски Союзан маршалан А.А.Гречкон, полковникийн А.С.Завьяловн, Т.Е.Калединан, инарлин И.В.Тюленевн, кхечеран книгашкахь дуьйцу Советийн эпсаро Кавказехь дIабаьхьначу тIамах  лаьцна. Вайн тIемалоша шайгара майралла, стогалла гойтуш тIом бар  бахьанехь немцойн «Эдельвейс» план чекх  ца  елира, цаьрга Кавказ  схьа  ца яккхаелира.

Кавказ ларъярехь бинчу тIамах лаьцна яздина иштта  Нохч-ГIалгIайн хIокху Iилманчийн: М.Абазатовн, В.Филькинан, Хь.Бахаевн, М.Ибрагимовн, В.Чербижевн, В.Магомаевн, И.Хабуевн, И.Сардаловн, кхечеран талламашкахь.

Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман а, Нохч-ГIалгIайчоьнан векалша цигахь дакъалацаран а агIонаш йовзийтарехь вайн республикехь боккха болх дIабаьхна Россин тIеман-исторически юкъараллин Нохчийн региональни отделенис а, шен коьртехь А.Алаудинов а волуш. Оцу юкъараллин  коьрта декхар дара нохчийн халкъан дахаран тайп-тайпанчу муьрашкахь хиллачун нийсо меттахIоттор.

Уггаре а хьалха теллира тIеман муьрахьлера  архивашкара тептарш а, муьран изданеш а. Боккха болх дIабаьхьира Россин тайп-тайпанчу архивашкахь Нохчийчоьнан а, нохчийн халкъан а исторех хьакхалуш долу тептарш лахарехь а, уьш талларехь а. Ша аьлча, иштта белхаш бира Россин пачхьалкхан архивехь, Россин Оборонан  министерствон коьртачу архивехь, тIеман хIордан коьртачу архивехь. Цу  тайпана белхаш  дIаболийна Германин, Францин, Румынин, Белоруссин, Украинин, Молдовин  тIеман архивашкахь. ДIахьош  болчу талламашна юкъадогIу 1941-1945-чуй шерашкахь хиллачу Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь  эгначеран а, тIепаза байначеран а кхолламаш къастор. Ткъа вайн уьш саннарш бIеннаш бу. Иштта цу  юкъадогIу  фашистийн концлагершкахь кхелхина  волу вайн кхо бIе сов махкахо, Европин тайп-тайпанчу мехкашкахь хиллачу тIеман тасадаларшкахь эгначу  нохчийн кешнаш, уьш  дIабоьхкина меттигаш лахар.

ТIом чекхбаьллачул тIаьхьа  дуьххьара Невран а, Шелковски а районашкахь лахаран белхаш вовшахтоха аьтто белира 2013-чу шеран октябрехь. Вайн меттигерчу лахархошна теоретически а, практикин а гIо дан кхайкхира «Халкъан иэс» Союза юккъера (Украина), оцу белхан алссам зеделларг  долу говзанчаш. Итт дийнахь белхаш бича лахархошна карийра 82 цIенэскархо дIавоьллина меттигаш, карийначарна эксгумаци  йира. Иштта  карийра дуккха а герзаш, церан  дакъош. ЦIечу  Эскаран хьовха, гитлеран йовсарийн хIуманаш а карийра. ТIеман-исторически юкъараллин талламхойн хаамашца Невран районерчу масех юьртахь хиллачу тIемашкахь вийна, тIепаза вайна масех эзар  цIеэскархо а, фашистийн салти а. Билгалдаккха деза, таллам кхидIа а дIабахьаре хьаьжжина  и  терахьаш хийцалуш хилар. Оцо тоьшалла до юьйцучу районашкахь  буьрса  тIемаш хилла  хиларна.

ТIеман хенахь Соьлжа-ГIала Нохч-ГIалгIайн АССР-н пачхье  яра. Къилбаседа Кавказехь  уггаре а чIогIа  кхиъна промышленни шахьар яра иза. Къаьсттина мехала дара иза мехкан уггаре а коьртачех, Бакуга  нийсса, мехкадаьттан-промышленни туш хилла  хилар.

Фашистийн рейхан баьччанан а, цуьнан тIеман стратегийн а планашкахь къаьсттина меттиг дIалоцуш яра Кавказ. Уьш цунна тIеийзабора Iаламан алссамчу маьIданаша, къаьсттина мехкадаьттано а, хIокху мехкан  чIогIа аьтто болуш долчу стратегически хьоло а. Цу хенахь СССР-хь уггаре а йоккха мехкадаьттанах  гIуллакхден район ярха Кавказ. I940-чу шарахь берриге а махкахь доккхуш хиллачу мехкадаьттанах 86,4 процент кхузахь доккхуш дара. Кавказан мехкадаьттанца хьал долуш йолу  меттигаш – Соьлжа-ГIала  а, Баку а, – схьаяккхар 1940-чу шеран I8-чу декабрехь Гитлера чIагIйинчу, «Барбаросса» планехь къеггина  билгалдина  дара.

1942-чу шеран аьхкенан  тIеман  компанин  юкъарчу планаца  нийса а догIуш, вермахтан  коьртачу  командованис  и шо  юккъе  доьдуш  кечйира  Кавказ схьаяккхаран (1942-чу шеран  23-чу  июлехьлера №45 йолу  ОКВ-н директива) план. Цунна «Эдельвейс» аьлла код йолуш  цIе  тиллира фашистийн Германин куьйгалло.

Кавказ схьаяккхархьама  немцойн командованис схьакъастийнера тоьлла танкови, моторизованни, лаьмнийн-егерийн эскарш. Уьш берриге а цхьаьна а тоьхна «А» эскаран цхьа тоба йинера. Оцу тобанан хьалхарчу декъа юкъавогIура  167 эзар салти  а, эпсар а, 1130 танк, 4540  йоккха  топ а, миномет а, цхьа эзар  гергга  тIеман  кема.

1942-чу шеран август  бутт  болалуш Германин «А» эскаран тобанехь 467434 салти а, эпсар а вара. Кавказана тIелатарна план хIIоттош, фашистийн командованис шайн эскаршна хьалха декхар хIоттийра  17-гIа сентябрь  тIекхачале Соьлжа-ГIала  схьаяккха, 25-гIа сентябрь  тIекхачале Баку схьаякха, цул тIаьхьа  Чоьхьарчу Кавказана (Закавказье)  тIелатар дар  дIахьо, аьлла.

1942-чу шеран  аьхкенан, гуьйренан тIеман компанин юкъарчу планаца нийса а догIуш, Гитлеран эскарша дIадолийра Кавказана тIелатар. Гитлер а, цуьнан  инарлаш а аьхкенан компани дIайолош тешна бара шайн эскарша Кавказана а, Сталинградана а тIелатарехь кхиаме кхочург хиларх. Шайн эскарш, тIеман техника, дуккха а  алсам хиларх пайда а оьцуш, шайн даккхий дараш хиларе хьаьжна ца Iаш, мостагIий Кавказана юккъе гIертара.

Оцу чолхечу хьолехь Коммунистически партис, СССР-н ГКО-с, меттигерчу партийни, советски, тIеман органашна тIе а  тийжаш, сихха гIуллакхаш дора Кавказ ларъярна кхачоярна тIехьовсийна. I942-чу шеран 30-чу июлехь Лаккхарчу Коьртакомандующин ставко  вовшахтуьйхира Закавказски  фронт  (командующи – эскаран инарла И.В.Тюленов). Цунна хьалхахIоттийра Терк, Урук хин  бердайистошца а, Кавказан Коьртачу дукъах дехьадовлучохь а дуьхьалонан зилаш баран  декхар. Иштта цунна  тIедиллира Соьлжа-ГIала–Мачхакала–Баку некъаца дукха асанаш йолу дуьхьалонаш яр.

1942-чу шеран 8-чу августехь  ВТК-н Ставко вовшахтуьйхира  Закавказски фронтан эскаран Къилбаседа тоба (командующи – инарла-лейтенант  И.И.Масленников). Цу  юккъе дахара 44-гIа а, 9-гIа а эскарш, 89-гIа а, 417-гIа а стрелкови дивизеш, 52-гIа танкови бригада, 36-гIа а, 42-гIа а бронецIерпоштийн дивизионаш, 50-гIа гвардейски а, I32-гIа минометни  а  полкаш.

Эскаран Къилбаседа тобанехь билгалъяьхна  яра дуьхьалонаш  яран  къаьсттина районаш: Орджоникидзен, Соьлжа-ГIалин, Махачкалан. Уьш чIагIъян цига хьовсийнера 8-чу саперни эскаран  дакъош, ткъа иштта  оцу  регионашкахь  долчу эскаршна  юккъера  дакъош а.

М.Ибрагимов, историн Iилманийн доктор,

И.Хатуев, историн Iилманийн кандидат,

И.Сардалов, историк 

(чаккхе хир ю)

№ 68, шот, 20 июнь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: