Экстремизмах ларваларца а, цуьнца къийсам латторца а доьзнарг дийцира ГӀуларарчу №1 ишколан дешархошна.
Цигахь дакъалоцуш хиллачу Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министерствон а, Прокуратурин а, Талламан комитетан а, Чоьхьарчу гӀуллакхийн министерствон а векалша шайн-шайн декъера агӀонаш йовзийтира дешархошна.
Цул сов, экстремизмаца «гергарло» лелорна законийн лехамашца догӀу таӀзар а ца дитира тидамза.
Иштта, дешархойн хаттаршна жоьпаш делла ца Ӏаш, шаьш а хеттарш даран болх а дӀабаьхьира хьешаша.