Санитарин авиацис шен болх йуха а дӀаболийна вайн махкахь.

Могашалла Ӏалашйаран министерствос хаийтина хӀинцале а 2 рейс йина хилар — Шелковски а, Нажи-Йуьртан а кӀошташкара дархой схьабалийна Соьлжа-ГӀаларчу медицинин учрежденешка.
Билгалдоккху санитарин авиаци Нохчийчохь 2020-чу шарахь дуьйна болх беш хилар.
Оцу шарахь, масала, цо эвакуаци йинарг 125 дархо ву (+31,58%).
2021-чу шарахь, планаца 106 рейс а йолуш, йинарг 118 рейс йу, эвакуаци йинарг 127 дархо а волуш.
Карарчу шарахь цунна хӀоттийна план 118 рейс йу.