Макан-ГӀалахь схьайиллина 720 меттигна лерина йолу керла ишкол. Оцу хьокъехь хаам бина НР-н гӀишлошйаран а, хӀусамийн-коммунальни бахаман а министерствос.
Оццу майданахь хьалха а лаьттина ишкол. Амма, иза шира а, дешаран балхана кхачаме а цахиларна, дӀайаьккхина.
Иштта, шира ишколаш дӀа а йохуш, уьш лаьттинчу майданахь а йеш, карарчу шарахь схьайоьллучу ишколех 11-гӀа йу Макан-ГӀалара ишкол.
Дешаран кхузаманахьлерчу лехамашца иза йогӀуш хилар билгалдаьккхина.