Нохчийчоьнан лулахошца долчу 841 км дозанех 84 км доза къилбехь йолчу Гуьржийчоьнца ду. Оцу некъан кехаташ тӀехь йолу цӀе Россин-Гуьржийчоьнан дозанан Нохчийн дакъа йу.

Дуьйцучу декъехула йа нах а, йа транспорт а дӀасайахар дацахь а, некъ болуш бу – «Итон-Кхаьлла (Итон-Кхаьллан кӀошт, Нохчийчоь) – Шатили (Мцхета-Мтианети, Гуьржийчоь)».
Делахь а, и некъ шорбан безаш а, тӀехь силаман чкъор доцуш белахь а, кхин цхьа кхачамбацар а ду цуьнан… 3,5 км барамехь дакъа тӀетоьаш цахилар: 400 м гергга Нохчийчохь а, 3,1 км гергга Гуьржийчохь а.
Некъана 3,5 км дакъа тӀетоьаш цахиларо дозанхошна новкъарло ца йина, хӀунда аьлча, йукъахь 1 км бен а йоцуш, шина а агӀор дӀатарбелла уьш: Нохчийчохь – дозанна тӀекхача 300 м гергга йолуш, ткъа Гуьржийчохь – дозанна тӀекхача 750 м гергга йолуш.
И некъ тобаран а, иза схьабелларан а гӀуллакх Нохчийчоьнан Ӏедало хӀора а шарахь хьахош ду. ТӀаьххьара иза дийцина республикин Премьер-министра Хучиев Муслима.
Куьйгаллехь Россин кхерамазаллин советан секретарь Патрушев Николай а волуш, ши кӀира хьалха Соьлжа-ГӀалахь дӀайаьхьначу кхеташонехь дара иза. Цигахь Хучиев Муслима, и гӀуллакх хьахийна Нохчийчоьнна а, Россина а, Гуьржийчоьнна цунах хир болу пайда бийцича, Патрушев Николайс хаийтира и гӀуллакх Соьлжа-ГӀалица цхьаьна кеч а дина, Москвахь дийцаре дийриг хилар.
Амма, и гӀуллакх Соьлжа-ГӀалахь дийцаре дар шайна тосаделча, Гуьржийчуьра сихонца жоп кхечира. Оцу мехкан регионаш кхиоран а, инфраструктурин а министерствос кост даржийра, Гуьржийчоь а, Нохчийчоь а вовшаххоттаран некъ баккхаран гӀуллакх Тбилисис йа дийцаре дина а дац, йа дийцаре дийр долуш а дац аьлла.
И.ИСЛАМОВ