«Вайнахавиага» аренде лур бу федеральни бахам

Нохчийн Республикин финансийн министерствехь дийцаре дира Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолчу Соьлжа-ГIаларчу аэропортан федеральни бахам «Вайнахавиа» акционерийн йукъаралле аренде дIабаларан хьокъехь долу гIуллакхаш.

Кхеташо дIахьош вара Нохчийн Республикин Правительствон Председателан заместитель – финансийн министр Тагаев Султан.

Цигахь дакъалецира Нохчийчоьнан экономика, мохк кхиоран, махлелоран министра Шаптукаев Рустама, «Вайнахавиа» акционерийн йукъараллин коьртачу директора Шахгириев Iаьлвис, ткъа иштта, вайн республикин транспортан а, зIенан а министерствон, «Россимуществон» Нохчийчоьнан отделенин, «СМАРТ БИЛДИНГ» ООО-н векалша.

Билгалдина гIуллакхаш дийцаре дечу хенахь сацам хилира Россин финансийн министерстве а, транспортан министерстве а хьокъала доллу кехаташ дахьийта.

«Вайнахавиага» федеральни дIасахьош боцу бахам аренде баларан хьокъехь болчу Россин Федерацин Правительствон сацаман проектехь билгалдаьхна кхачамбацарш дIадаьхна хиларан хьокъехь хаамаш хила безаш бу оцу ведомствошка дохьуьйтуш долчу кехаташкахь.

Цунах лаьцна дийцира кхеташонан дакъалацархоша.

С.АЛЬВИЕВ
№24, бекарг (март) беттан 30-гӀа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: