Луларчу Украинехь дӀахьочу тӀеман лерринчу операцехь дакъалоцуш болчу бӀаьхошка 2 эзар сов кехат йаздина Нохчийчоьнан бахархоша.
Кехатийн авторийн могӀарехь дешархой а, кегийрхойн боламийн жигархой а, маьрша бахархой а бу.
И болх «Единая Россия» партин «Zащитникам Отечества» боламан гурашкахь дӀахьош бу.
Кехаташ 2 кепара схьаоьцу: 1) Соьлжа-ГӀала, А-Хь.Кадыровн пр., 3/25, 4-гӀа гӀат адресца; 2) электронни op@chechen.er.ru адресца.