Лулахой болчуьра керланаш

«Студентийн бIаьсте»

а 2

Майкоп. ХIара кIира чекхдолуш кхузахь схьайоьллур ю деа дийнахь дIахьон йолу  «Кавказехь студентийн бIаьсте» дуьненаюкъара фестиваль. Билгалбаьлла Адыгей богIу болчу хьешийн а, фестивалехь дакъалоцу долчу регионийн а барам. Уьш 26 регионера ялх эзар гергга студент ву: Астрахански, Волгоградски областаш, Дагестан, ГIебартойн-Балкхарин, ГIалгIайн, Нохчийн, ГIалмакхойн, Кхарачойн-Чергазийн,  ГIирмин республикаш, Краснодарски край, Севастополь, кхиерш.

Фестивалехь шайн делегацеша дакъалоцург хиларан хьокъехь хаийтина Азербайджанан, Эрмалойн, Гуьржийн, Таджикистанан, Къилба ХIирийн, Абхазин Республикийн векалша, хаамбира фестивалан  дирекцин куьйгалхочо Хунагов Рашида.

Цул совнаха, цо чIагIдарехь, делегацешна юкъабахана кхечу 19 пачхьалкхерчу вузашкахь доьшуш болу студенташ.

19-чу июнехь Майкопан коьртачу майданахь даздаран хьолехь схьаелла билгалдеш ду фестиваль. Цул тIаьхьарчу деношкахь дIахьур ю  «Этномода», «Салтийчун конверт» конкурсаш,  «Толаман Урам» аьлла гайтам, «Арт-холл» аьлла тайп-тайпанчу мехкашкарчу кегийрхойн похIмалла хиларе хьажар. Фестиваль дIаерзор ю гIалин тIеман коьртачу мемориалехь Гуттаренна йогуш йолчу цIарна хьалха 22-чу июнехь Iуьйранна 4 сахьт даьлча «Дагалецаман чIурам» аьлла йолу Iаламат йоккха акци дIаяхьарца.

Хетагуровн совгIатана

Владикавказ.   ХIокху деношкахь Къилбаседа ХIирийн Республикин Правительствон Председателан заместитела Келехсаев Рустема дIаяьхьира литературин а, искусствон а декъехь Коста Хетагуровн цIарах долу Пачхьалкхан совгIаташ даларна леринчу комиссин кхеташо. Цуьнан коьрта Iалашо яра совгIатана лерина болу 2013–2014-чуй шерийн белхаш билгалбахар.

Литературин декъехь шайн произведенеш хьалхатеттина  яздархоша Агнаев Константина, Андреева Татьянас, Тобоев Царака, Чибиров Людвига, ткъа искусствон декъехь – суьрташдахкархоша Келехсаев Магреза а, Хетагуров Аслана а. Уьш хьалха хIиттош болчу лехамашна жоп луш цахиларна комиссис биъ болх юхатеттина.

СовгIаташ даларан хьокъехь болу сацам гурахь тIеэца билгалдеш ду. И хан тIекхачале белхийн чулацам шайна бевзина ца Iаш, произведенеш шуьйра йовзийта еза шуьйрачу юкъараллина а, регионан шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь а. Комиссис хьесапе оьцур бу произведенеш йийцаре ярехь царах хIоранна а хIоттийна мах.

 Сайташ тIера хаамаш кечбинарг

 – Л.МАГОМАЕВ

№ 68, шот, 20 июнь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: