А-Хь.Кадыровн цӀарахчу Йукъараллин фондо ахчанца а, кхачанан сурсаташца а, медицинин а, гӀишлошйаран а гӀирсашца а, кхидолчуьнца а Донбассерчу республикашна гӀо-накъосталла дар ламасте дирзина.
РогӀера гӀо-орца Луганскан Республикин халкъан милицина (ЛХМ) кхаьчна.
Telegram чуьрчу шен каналехь оцу хьокъехь хаам бина Нохчийчоьнан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана.
Цо билгалдаьккхина ЛХМ-н салташна Кадыровн фондерчу гӀоьнах доккха накъосталла хилла хилар.
Билггал аьлча, цигарчу Халкъан милицина керла барзакъаш а, оьшуш долу медицинин молханаш а эцна А-Хь.Кадыровн фондо.