«Синмехаллаш» проект кхин а чулацаме хир йу

ХӀокху деношкахь Нохчийн Республикин культурин министерствехь кхеташо хилира. Иза лерина йара 2022-чу шарахь республикин «Синмехаллаш» фестиваль-конкурс дӀайахьарца доьзна долу гӀуллакхаш дийцаре дарна.

Министерствон куьйгалла тешна ду «Синмехаллаш» проект хӀокху шарахь кхин а чулацаме а, нахана дагахь лаьттачу агӀор къегина а хирг хиларх.

Кхеташонехь дакъалоцуш бара Культурин министерствон муниципальни урхаллийн дакъойн куьйгалхой, фестиваль-конкурсан вовшахтохараллин комитетан а, жюрин а декъашхой.

Проект кхочушйарх лаьцна дуьйцуш билгалйелира конкурсан хьалхара мур дӀабахьаран хан а, меттиг а, номинацешкахь бина хийцамаш а. 2022-чу шарахь конкурсан керла баннерш хир йу.

Проектан дакъалацархоша командашна йукъахь кхаж тесира, хан билгалйаьккхира. Иштта, конкурс асаран (июнь) беттан 7-чу дийнахь йолалур йу.

Кхеташонан дакъалацархойн сацам хилла Нохчийн Республикин йукъарчу дешаран школашкарчу кегийрхошна йукъахь болх дӀабахьа, вуьшта аьлча, дешархоша хьажархойн могӀаршкахь дакъалоцур ду.

Иштта, конкурсан вовшахтохараллин комитетан а, жюрин а декъашхоша дакъа а лоцуш, ток-шоуш дӀайахьа а лерина.

Конкурсан муьраш дӀабахьаран майданаш билгалйеш болх дӀабахьа безаш хиларх лаьцна а дийцира.

«Синмехаллаш» проекто нохчийн халкъан уггаре оьзда, хаза гӀиллакхаш, ламасташ довзуьйту. Нохчийн халкъан культурин хазна оцу мехаллех лаьтташ йу.

И телепроект лерина йу халкъан кхолларалла кхиорна а, Ӏалашйарна а, нохчийн къоман культура йоккхачу аудиторина дӀайовзийтарна а. Нохчийн къоман гӀиллакхийн а, бусалба динан а баххашна тӀехь лаьтташ йолу нохчалла йовзийтар йу проектан Ӏалашо. ТӀекхуьу къона чкъор ийманехь кхетош-кхиорехь доккха маьӀна леладо цо.

Проект кху тӀаьхьарчу шерашкахь къоман «Культура» проектан кхочушйаран гурашкахь дӀахьош йолу регионан «Нохчийн Республикин кхоллараллин нах» проект йу.

З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№25, оханан (апрель) беттан 2-гӀа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: