Соьлжа-ГӀалин Ахьмадан кӀошт ларйарехула йолчу цӀейайъаран-кӀелхьардахаран декъехула экскурси йина корматаллин говзаллаш Ӏаморан учрежденийн студенташна. Оцу хьокъехь вайга хаам бина Россин МЧС-н Нохчийн Республикехула йолчу Коьртачу урхаллин пресс-службо.
Кегийрхошна МЧС-н болх бовзийтаран а, иза царна марзбаран а Ӏалашонца вовшахтоьхна гӀуллакх иза хиллехь а, цуьнан кхин цхьа Ӏалашо а хиллера – царалахь (кегийрхошлахь) кхерамазаллин культура кхиор.
Экскурси йукъа цӀейайъаран-кӀелхьардахаран дакъа а, техника йовзийтар а, белхахойн барзакъ гайтар а догӀура.
Цул сов, шайн балхаца боьзначу хиламех лаьцна а дийцира къоначу хьешашна МЧС-н белхахоша.
№25, оханан (апрель) беттан 2-гӀа де