Районашкара хаамаш

Кхиазхой дахарна Iамабо

«Кхиазхошна лерина Нажи-Юьртан реабилитацин туш» ГКУ-на куьйгалла деш ву М.Хамбулатов. Цигахь цкъа, цхьаьна хенна, реабилитаци ян аьтто бу бIе берана а, кхиазхочунна а. Кхузахь дукха болх бина, хIинца  а бо кхиазхошна реабилитаци ярехь, церан могашалла тоярехь, царна оьшучуьнца кхачоярехь. Туьшахь дерриге а хьелаш кхоьллина кхузахь садаIийта, дешийта. Царна дешар Iаморна оьшу гIирсаш бу, учебникаш ю, ламазаш дан, кхидолу  Iибадаташ дан меттиг ю. Берашна тоьлла кхача а ло шен-шен хенахь.

Бераш кхетош-кхиор дIахьо нохчийн халкъан  гIиллакхаш, Iадаташ, ламасташ, динан лехамаш хьесапе а оьцуш, царна тIе а тийжаш. Берашца хIора дийнахь къамелаш до уьш юкъараллехь, нахана юкъахь ийзалуш,  кIоршаме, шога  цахилийтарна тIехьовсийна. Царна цIена, оьзда лела Iамадо. Иштта шаьш Iачу дIадуьйшучу меттигашкахь, дешаран кабинеташкахь шайна тIаьхьара хIума дIаяккха, цIано латто Iамабо.

Туьшан говзанчаша  дукха  хан йоццуш Соьлжа-ГIала дигира бераш. Царна  гайтира  вайн коьртачу  шахаьарара  исбаьхьа  меттигаш, цу  юкъахь дукха гIаьтнаш долу «Грозный-Сити» гIишлойн  комплекс. ЧIогIа самукъадаьлла, синхьаам хилла юхадаьхкира бераш. И санна долчу гIуллакхаша берашкахь шайн Даймохк безаран, цунах  дозалла даран ойла  кхуллу.

Кхузахь  дерриге а хьелаш кхуллу берашка а, кхиазхошка а шайн таронаш гучуяхийта а, кхио а. Царна а чIогIа  хазахета хелхабовла Iемаш, книгаш йоьшуш,  суьрташ дохкуш, цхьацца къийсадаларш вовшахтухуш. И санна долчу гIуллакхаша цаьргахь  яхь кхиайо, кхечеран кхиамах, говзаллех масал эца Iамабо. Цундела лармаза дац уьш кест-кеста дIахьош хилар.

Къаналла ирсе хилийта лууш… 

«Воккха стаг беркат ду» – олуш ду вайн халкъан.  Иза иштта дан а ду. Царах  къоначаьрга мелла а алсам беркат, ирс  эцийтархьама оцу къанойн дахар самукъане а, токхе а хилийта гIерта Теркан районера бахархой социальни  ларбаран туьшан говзанчаш а, куьйгалхой а. Къаношна шаьш оьшуш дуй а, дицделла, дIатесна доций а хоуьйтуш болх бо цара. Цара самукъа, даздарш дохьу цхьанаэшшара дIадоьдуш долчу церан дахарна юкъа. Шайн таронашка хьаьжжина церан дахаран хьелаш тодо.

ТIоьрмигаш дуьззина кхачанан сурсаташ дохьуш къаной болчу боьлху туьшан белхахой. Стоьла  тIе токхе кхача хIоттабо. ТIаккха цаьрца церан дахарера самукъане хIуманаш дагалоьцуш Iа. Ишттаниг царна дехха дагахь лаьтта. Сийлахь-боккхачу  Даймехкан тIамехь толам баьккхина 70 шо кхаьчначу деношкахь оцу тIеман дакъалацархошна а, тылан къинхьегамхошна а, гIийла-мискачу  доьзалшна  а кхачанан  сурсаташ дIасадийкъира туьшан белхахоша.

– Тхан Iалашо ю къаношна тахана шаьш ирсе хетийтар, шаьш нахана оьшуш дуй хаийтар. Тхо церан денош самукъане дан, дахар токхе дан гIерта тхайн ницкъ ма-кхоччу. Оха царна кхачанан сурсаташ даьхьна  ца Iаш тIеюха бедарш а, гIудалкхаш а, мотт-гIайба а, дахарехь-Iерехь оьшуш йолу кхиерг а хьо. Гуттар а чIогIа хазахета царна тхо шайца  къамелаш дан охьахевшича. БIаьргаш  серладовлу  церан оцу  миноташкахь, – дуьйцура туьшан директоран заместитела Закриева Мелижас.

ТIаьхьарчу хенахь вай даима а цхьанхьа сихделла ду. Вай баккхийчаьрца хьовха, вовшашца а къамелаш деш Iан йиш хуьлуш дац. Массо хIума а сихаллехь  нисло вайн. Къано, вайга  вистхила  хьаьгна  волу, ша  волччу а вуьтий, тIехлелха  вай, дедика деш а, ца  деш а. Оцу хьолехь  доккха гIуллакх ду социальни белхахоша деш дерг. Уьш цкъа а сих ца ло къано волчуьра дIабаха. Цундела царна баркаллаш баьхна  а ца бовлу уьш.

Р.ЮНУСОВА  

№ 68, шот, 20 июнь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: