Мариуполерчу бахархошна рогӀера гӀо-орца хьажийна А-Хь.Кадыровн фондо

Мариуполехь рогӀера гӀоьналлин акци дӀайаьхьна Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Йукъараллин фондо.

Йуьйцучу фондан президентан Несин Айманин сацамца а догӀуш, меттигерчу бахархошна кхачанан сурсатех лаьтта гӀо-орца кхачийна.

Туьха а, шекар а, дама а, даьтта а, чай а, дуга а, хи а, мерза хи а ду Мариуполан бахархошна кхаьчнарг.

Telegram чуьрчу шен каналехь оцу хьокъехь хаам бинчу Кадыров Рамзана билгалдаьккхина цигарчу бахархоша, йа баа кхача а, йа мала хи а доцуш, бала хьоьгуш хилла хилар.

Цул сов, Кадыровн фондо царна медицинин белхахошца гӀо-накъосталла деш хилар а хаийтина Нохчийчоьнан Куьйгалхочо.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: