Мариуполь 98%-на схьайаьккхина. Оцу хьокъехь хаам бина НР-н Куьйгалхочо Кадыров Рамзана.
Куьйгаллехь Делимханов Адам а волуш, цигахь дӀайаьхьначу кхеташонера видео йу Нохчийчоьнан Куьйгалхочо йовзийтинарг.
Цу тӀехь билгалдолу кхеташонехь дакъалоцуш мел йолчу тобанийн командираш а, Россин 8-чу эскаран буьйранча, инарла-лейтенант Мордвичев Андрейс а хилар.
ВидеозӀенан рожехь цаьрца къамел Кадыров Рамзанан а хилла.