Пийсикаш хьокхуш хинкеманаш хоьхку спортсменаш кечбарна бегIийла меттиг ю Къоьзан-Iам. Цунах а кхеташ, вайн республикехь тIемаш хилале хьалхарчу муьрехь оцу меттехь Iама а бора, бахча а бора тайп-тайпанчу къийсадаларшна кеч а бора хинкеманийн спортсменаш. ХIинца Токиохь хир йолчу Олимпиадина академически кепара пийсикаш хьокхуш, къийсалуш болчу спортсменийн олимпийски вовшахтоьхначу командина Къоьзан-Iома тIера туш меттахIотторан хьокъехь долу гIуллакх къастош ю Россин пийсик хьокхуш хинкеманаш хехкаран спортан Федераци (ФГСР). Цунах лаьцна хаам бира ФГСР-н президента Бут Вениамина.
Цо дийцира ша Нохчийн Республикехь командировкехь хиллачуьра юхавеана а, цигарчу Iаморан метте ша хьаьжна а хиларх лаьцна. Цо дийцарехь, «Нохчийчохь дерриге а кийча ду спортсменаш тIеэца».
«Суна сайна гина республикин куьйгалло а, цигахь дехачу адамаша а Iаламат боккха болх бина хилар. Оцу гIуллакхах дерг коьртачу тренерца цхьаьна къастор ду оха. Вовшахтоьхна йолу хьалхара а, шолгIа а командаш цига йига таро лохур ю оха», – билгалдаьккхира ФГСР-н президента.
Академически кепара пийсик хьокхуш къийсалуш йолчу олимпийски вовшахтоьхначу командин Къоьзан-Iома тIехь хьалхара Iамораш хила тарло Рио-де-Жанейрохь Олимпийски ловзарш чекхдевллачул тIаьхьа 2016-чу шарахь.
«Токиохь хир долчу ловзаршна вовшахтоьхна команда Къоьзан-Iома тIехь кечъян лаьа тхуна, хIунда аьлча карарчу хенан Iаморашна спортсменаш кечбаран методика а, Iамораш дIадахьаран меттигаш а билгалъяьхна евлла хиларна. Рио-де-Жанейрохь Олимпиада чекхъяьллачул тIаьхьа спортсменийн цхьа тоба Къоьзан-Iома тIе йига тарло оха», – элира цо.
В.Бута билгалдаьккхира Нохчийн Республике ваханчу хенахь «Къоьзан-Iам» база меттахIотторан хьокъехь долу гIуллакх дийцаре дина хилар. Нохчийн Республикин Правительствон туризмехула йолчу Комитетаца барт хилла оцу декъехь цхьаьна гIуллакхаш даран хьокъехь.
Къоьзан-Iам Къилбаседа Кавказехь лаьмнашкара уггаре а боккха а, Россехь уггаре а кIоргачарех 1ам бу. Иза Веданан районехь, хIордан тIехуленца дуьстича, ши километр гергга лакхахь бу. 1970–1980-чуй шерашкахь Iоман йистехь яра СССР-н пийсик хьокхуш къийсалучу спортан олимпийски вовшахтоьхначу командин база. Нохчийн Республикехь тIемаш болчу хенахь и база йохийра. Кху шеран апрелехь Къоьзан-Iома йистехь схьайиллина кхузаманахьлера спортан-туризман комплекс. Оцу дерригено а гойту махкахь а, дуьненахь а республике а, цуьнан исбаьхьачу меттигашка а долу хьашт хIора дийнахь лакхадолуш хилар.
С.ЛАЛАЕВ
№ 68, шот, 20 июнь, 2015 шо