Баку а, Ереване а кеманаш лела дуьйладала тарло Соьлжа-ГӀалара

ТӀебогӀучу баттахь дуьйна Баку (Азербайджан) а, Ереване (Эрмалойчоь) а лела дуьйладала тарло Соьлжа-ГӀалара кеманаш.

Оцу хьокъехь хаам бинчу Нохчийн Республикин транспортан а, зӀенан а министра Черхигов Рамзана хаийтина и Ӏалашо йолуш UTair хилар.

Керлачу маршруташна заявка «Росавиаце» хӀинцале а чуйелла хилар а билгалдаьккхина цо.

Цул сов, министра кхин цхьана балхана а тӀе тидам бахийтина — Ӏаьрбийн Цхьаьнатоьхначу Эмираташка а, Мисаре а хилла рейсаш йуха а схьайелларан гӀуллакх жигара дийцаре деш хилар.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: