Кху деношкахь Соьлжа-Г1аларчу «Колизей» спорткомплексехь дуьненахь г1араваьлла волчу рэпера Тиматис концерт елира. Цига баьхкинера республикин тайп-тайпанчу г1аланашкара, ярташкара эзарнаш бахархой. Иштта оцу суьйранна цига веана вара Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан а, 1едалан цхьамог1а векалш а.
Концертан программа д1айолаялале рэпера билгалдаьккхира, нохчийн къоме а, республикин Куьйгалхочуьнга Р.Кадыровга а шен боккха сий-ларам хилар.
– Суна даггара баркалла ала лаьа шуна сан концерте дахкарна. Къаьсттина баркалла ала лаьа Р.Кадыровна. Нохчийчоьнан Куьйгалхочо ша спортсмен хиларе терра спорт кхиорна т1е къаьсттина тидам бохуьйту. Цундела цунна а, спортана а лерина йиш кечйина ас, – бохура Тиматис.
Хьовсархоша дехха т1араш детташ, баккхийбеш т1еоьцура артистан х1ора йиш. Къаьсттина самукъадаьллера къоначеран.
Суьйре ерзош артиста билгалдаьккхира, ша Нохчийчу дуьххьара а, я т1аьххьара а веана цахилар, Соьлжа-Г1ала шена шолг1а ц1а санна хеташ хилар, ша кхузахь даима а везаш, лерам беш, веза хьаша вой т1еоьцуш хилар.
Билгалдаккха дог1у, Тимати Нохчийн Республикин хьакъволу артист хилар.
Р.МУСЛИМОВ
№ 68, шот, 20 июнь, 2015 шо
