Нохчийн меттан бакъонийн гулар цӀинйийр йу

Нохчийн меттан бакъонийн гулар цӀин а йийр йу, карарчу беттан чаккхенехь ара а хоьцур йу.

Иза билгалдаьлла Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министра Дааев Хож-Баудис дӀадаьхьначу цхьаьнакхетарехь.

«Грозненский рабочий» зорбатухийлан векала а, нохчийн меттан а, литературин а книгийн авторша а дакъалаьцначу цигахь керлачу бакъонийн лехамашца книгаш арахецар а, нохчийн меттан грамматикина методикин гӀо-Ӏаматаш кхоллар а дийцаре дира.

Чаккхенехь министра гулбеллачарна баркалла элира, иштта, цара бинчу белхан лаккхара мах а хадийра.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: