Россин 54 субъектана йукъахь дӀасадоькъур ду 3,7 млрд ₽. Иштта сацам бина федерацин Премьер-министра Мишустин Михаила.
Оцу ахчанах 142 500 000 ₽ Нохчийн Республикина а кхочур ду.
Мишустин Михаила куьг йаздинчу сацамехь оцу ахчанах пайдаэцаран некъ а бовзийтина — промышленностан предприятеш тойарна хьажор:
— керла гӀирсаш эцарехь пайдаэцар;
— лизинган ахчанаш дӀадаларехь пайдаэцар;
— коммунальни инфраструктура тӀетасарехь пайдаэцар.