Республикехь тӀаьхьалуо кхоьллина йу деган-пхенийн цамгарш йолчарна. Иштта хаам бина Нохчийн Республикин могашалла Ӏалашйаран министерствос.
Церан могӀарехь кхечу мехкашкахь деш долу молханаш а хилар билгалдоккху: Брилинта, Плавикс, Ксарелто, Прадакса, Эликвис, и.д.кх.а.
Цул сов, карарчу шеран 1-чу чийрикехь деган-пхенийн цамгарш йолчарна 11,5 млн ₽-на молханашца вайн махкахь кхачамбацар а хаийтина.
Ӏедалан чоьтах и молханаш оьцуш Нохчийчохь 3 081 стаг хилар билгалдоккху.