«Минск — Соьлжа-ГӀала» авиарейс схьайелларан гӀуллакх дийцаре дина Беларусин а, Нохчийчоьнан а векалша.
Цул сов, махлелорца а, логистикица а, тайп-тайпана проекташ кхочушйарца а доьзна гӀуллакхаш а ца дитина тидамза.
Уьш дийцаре дарехь дакъалоцуш шина а республикин векалш хилла, куьйгаллехь Нохчийчоьнан вице-премьер Хь.Хакимов а, Беларусин транспортан министр А.Авраменко а волуш.
Хь.Хакимовс иштта хаам бина Нохчийн Республикин Премьер-министран М.Хучиевн шеца хиллачу цхьаьнакхетарехь.