2023-чу шарахь тойийр йолу майданаш харжар

«ХӀусамаш а, гӀалин хьелаш а» олучу къоман проектан гурашкахь тӀедогӀучу шарахь тойийр йолу майданаш къасторан онлайн-кхажтасарехь дакъалаца йиш хир йу Нохчийчоьнан бахархойн тӀебогӀучу беттан 30-гӀа де кхаччалц.

Ша онлайн-кхажтасар za.gorodsreda.ru платформи тӀехь дӀахьош ду, 14 шарера мел ваьлларг дакъалаца йиш йолуш а волуш.

Нохчийчуьрчу кхажтасархойн кхиэле йехкина йукъараллин майданаш Соьлжа-ГӀалахь а, Устрада-ГӀалахь а, иштта, Гуьмсан а, Шелан а, Курчалойн а, Хьалха-Мартан а, ТӀехьа-Мартан а кӀошташкахь тойан лерина йу.

Онлайн-кхажтасаран хьокъехь дуьйцуш, Нохчийн Республикин гӀишлошйаран а, хӀусамийн-коммунальни бахаман а министран заместитела Ибрагимова Алисас билгалдаьккхина оцу декъехь вайн бахархойн доккха зеделларг хидар, хӀунда аьлча, даханчу шарахь цигахь дакъалаьцнарг 60 эзар гергга стаг хилла дела.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: