Россин йуьртан бахаман министр Бумматахь хилла

Белхан гӀуллакхца Нохчийчохь волу Россин йуьртан бахаман министр Д.Патрушев Эна-Хишкан кӀоштарчу Бумматахь хилла.

Цигарчу йуьртабахаман «Стандарт-С» предприятин векалша довзийтина доллу хьал а, Ӏалашонаш а, керланаш а.

Билггал аьлча, карарчу шарахь 1,8 эзар га тӀе хьаьжкӀа йер дӀадолийна цигахь.

«Сингента» цӀе йолу импортан хьаьжкӀа йу йуьйцург.

Лакхахь хьахийначу 1,8 эзар га майда хица кхачо йолуш йу, и болх хитохаран лерринчу гӀирсаша а беш.

Цул сов, «Кировец» 742 олуш йолу 5 трактор а эцна предприятина баханчу баттахь, кхин 10 тӀейало йезаш а йолуш.

Федерацин министра билгалдаьккхира инвестицийн чоьтах кхоьллина йуьртабахаман «Стандарт-С» йоккха тӀаьхьалуо йолуш хилар.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: