Шатлакхца даздира Рамадан бутт тIекхачар

1

Баккъал а, Нохчийчоьнан бусалбанаша шайн ойланаш Далла тIеяхийтарца, ойланаш цIанъяларца, дог-ойла ир-кара хIоттарца дIаболий хIара фарз мархийн Рамадан. Цунна къеггина тоьшалла дара еарийн суьйранна Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах долчу Соьлжа-ГIалин коьртачу маьждигехь хилла межлис. Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан-Хьаьжа, Къилбаседа Кавказан Iеламнехан кхеташонан куьйгалхо Кадыров Хожа-Ахьмад-Хьаьжа, вайн республикин муфти Межиев Салахь-Хьаьжа, тайп-тайпанчу районашкара Iеламнах, кхиберш.

Рамадан беттан беркатех лаьцна, цуьнан лерам бан безаш хиларх лаьцна къамел дира Кадыров Хожа-Ахьмад-Хьаьжас. Говзачу, нохчийн цIеначу маттахь дийцарна массарна а дагах, сих кхеташ дара цуьнан а, цул тIаьхьа вистхиллачу Межиев Салахь-Хьаьжин а къамел. Къамелаш дечу юкъана тIекхечира маьркIижан ламазан хан. Кадыров Хожа-Ахьмад-Хьаьжас имамалла а деш, жамIатехь ламаз динчул тIаьхьа, кхузахь вовшахкхеттачара вайн Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хестош мовлад дийшира.

Юха, маьждиге баьхкинарш а, берриге а бусалбанаш а Кадыров Рамзан-Хьаьжас декъалбира фарз мархийн Рамадан бутт карабарца. Цо хаам бира хIара сийлахь бутт тIекхачале, кхуьнан лерам беш Нохчийчуьрчу бусалбанаша Раджаб а, ШаIбан а беттанашкахь 40 миллиард сов салават диллина хиларан хьокъехь. «Пайхамарна (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) салаваташ дахкар хIокху баттахь а дIадахьа деза вай. ХIорамма а кхоккха бIе эзар (300000) салават диллина, шена ял яккха еза», – элира цо. Массара а къобалбеш тIеийцира Iамалш, Iибадаташ дарехь совдовлар доьхуш цо бина кхайкхам.

Цу тIехь межлисе баьхкинарш таравийхь ламазаш дан шайн-шайн ярташка дIасабаха маьждига чуьра арабевлира. Уьш арабевллачу минотехь Соьлжа-ГIала а, «Нохчийчоьнан дог» маьждиг а къагийра Рамадан беттан хьурмат деш динчу шатлакхо.

ХIокху Рамадан баттахь «Нохчийчоьнан дог» маьждигехь гайта дIахIиттийна Мухьаммад Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) ассараш хирг хилар хаийта лаьа.

С.ХАСАНОВ

 № 68, шот, 20 июнь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: