«Итт шарахь а» тӀом бан кийча йу Украина аьлла, Зеленский Владимира динчу дӀахьедаран хьокъехь шен ойла йовзийтина Кадыров Рамзана.
«10 шарахь лета кийча хиларан хьокъехь Зеленскийс дина дӀахьедар дешна ас. Оццул хан йац тхан. ХӀокху деношкахь чекхдоккхур ду оха хьоьца дерг. Хьо, суна схьахетарехь, шизофрени йолуш ву. Валуо, хьайн воккхахволу ваша Байден (Ӏамаркан Президент Байден Джо) волче а гӀой, дуьйцуш ма-хиллара, куьйгашца маршаллаш луо», — дийцина Нохчийчоьнан Куьйгалхочо.
И аудио-къамел Кадыров Рамзана зорбатоьхна Telegram чуьрчу шен каналехь.