Лаьттан дакъош доладахар лерринчу комиссин тергонехь хир ду

Куьйгаллехь Нохчийн Республикин Прокурор Ш.Абдул-Кадыров а волуш, йоккха кхеташо дӀайаьхьна Шелковски кӀоштахь.

КӀоштан администрацин а, бакъонаш ларйаран органийн а, суьдан а векалша дакъалаьцначу цигахь дийцаре дина лаьттан дакъош доладахаран гӀуллакх.

Вайн махкахь уггаре а йоккха йолчу Шелковски кӀоштахь дуккха а кхачамбацарш хилар гучудаьлла оцу декъехь.

Цуьнца а догӀуш, оцу балхана Ӏуналла дарна а, кхачамбацарш дӀадахарна а ведомствошна йукъара комисси кхоллар тӀедожийна кӀоштан прокурорана.

Комисси кхоллар а, цунна хьалха хӀиттийна декхарш кхочушдар а Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Р.Кадыровс оцу балхана билгалйаьккхинчу хена чохь чекхдаккха дезаш ду кӀоштан прокурора.

Иштта, и тайпа комиссеш республикин кхийолчу кӀошташкахь кхоллар а тидаме эцна.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: