ТӀекхочуш долчу Нохчийн меттан денца а догӀуш, кхана нохчийн маттахь диктант йазйийр йу Соьлжа-ГӀалахь.
Цигахь дакъалаца луурш Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан коьртачу корпусе кхойкху: Соьлжа-ГӀала, Хь.Исаевн пр., 62 (3-гӀа гӀат, лекцийн зал).
Вовшахтохархоша билгалдоккху диктант йазйар 10 даьлча дӀадолор хилар.