Соьлжа-ГӀалахь болчу Алиев Вахин цӀарахчу ураман 3 км дакъа карарчу шарахь тодийр ду.
Кеста дӀаболор бу белхаш: ша некъ 6 асане кхаччалц шорбийр бу, гӀашлошна лерина 3 м шуьйра некъ буьллур бу, иштта, вилспетхошна лерина некъ а хир бу.
Цул сов, йукъараллин транспортан социйлаш а, серлонан бӀогӀамийн сеть а цӀинйийр йу, догӀа дӀахударан канализаци йийр йу, гуонахара майданаш битаме йалор йу, и.д.кх.а.
Бан леринчу белхашка а хьожуш, проект а, смета а толлуш, цигахь хилла пачхьенан мэр Х-М.Кадыров.