Медицинин йуьхьанцара дакъа кхиоран программин гурашкахь дуккха а белхаш бан лерина карарчу шарахь.
Билггал аьлча, фельдшерийн туш а, лоьрийн амбулатори а, 2 больница а йу йан леринарг.
2 больница Грозненски а, Шелковски а кӀошташкахь йийр йу, лоьрийн амбулатори — Веданан кӀоштахь, ткъа фельдшерийн туш — Шуьйтан кӀоштахь.
Цул сов, хьалхара медико-санитарин гӀо-орца кхачош йолчу учрежденешна медицинин 151 гӀирс а оьцур бу.
Тидамза дуьтур дац медицинин учрежденешкара транспортаца доьзна хьал а — санитарин 94 машен оьцур йу церан хьашташна.