200 гергга стага дакъалаьцна нохчийн маттахь диктант йазйарехь

Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетехь дӀадаьхьначу нохчийн маттахь диктант йазйарехь 200 гергга стага дакъалаьцна.

Церан могӀарехь дешархой а, студенташ а, хьехархой а, тайп-тайпанчу учрежденийн белхахой а бара.

Бадуев СаьӀидан «Бешто» повеста йукъара кийсак йара диктантехь пайдаэцнарг.

Цхьана сахьтехь диктантана текст йешнарг поэт а, литературин критик а, журналист а Саиев Ӏумар ву.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: